Difference between revisions 68882 and 74784 on cewiki{{Къуръанан сураташ}} 78 Сурат АН-НАБАЪ Хабар (Маккахь доьссина‚ дерриге 40 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца. Дакъа 1 1. Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара? 2. Доккхачу хабарх! 3. Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу. 4. ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна! 5. ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна! 6. Оха ца дина латта мотт санна /кIеда/? 7. Лаьмнаш хьостамий санна /чIогIа/? 8. Оха кхоьллина шу шиш /боьрша а‚ сте а/. 9. Оха хилийтина шун наб садаIар хилла. 10. Оха хилийтина буьйса духар хилла. 11. Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/ 12. Оха хIоттина шуна тIехьахула ворхI чIогIа /стигал/‚ 13. Оха бина лепаш чиркх /малх/. 14. Оха дайитина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи /догIа/. 15. Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚ 16. Луьста бошмаш. 17. Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна. 18. Оцу дийнахь сур локхур ю шу догIур ду тобанашца. 19. ДIаеллира стигал цунах хилира неIарш. 20. ДIадихьира лаьмнаш /царех/ дисина шаьш хилла сурт . 21. Баккъалла а, жоьжахати хилира чударна йоьгIна‚ 22. /Делан дозанийх/ тIехбевлачаьрна чугIойла хилла. 23. Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь. 24. Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а 25. Лалина хи а‚ нетIкъанаш бен. 26. /Царна/ богIуш бекхам бу /иза/. 27. Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе. 28. Цара харцдира Тхан аяташ харцдарца. 29. Массо хIума дIатергалдина Оха жайнаца! 30. Iовша шайна! Сов доккхур дац Оха шуна Iазап бен. Дакъа 2 31. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/. 32. Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/. 33. /Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/. 34. Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/. 35. Царна хозур дац цу чохь деса хабар а‚ харцдерг а. 36. Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобуш волчуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла. 37. Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь долчун а Кхиош-кхобург /ву Иза/‚ Ша сов къинхетаме верг . Цуьнгара хабар дийцаран дола дийр дац цара. 38. Оцу дийнахь хIуттур ду Са а ‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен цо эр ду бакъдерг. 39. Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Ша лууш волчо лаьцна ша Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ. 40. Баккъалла а, Оха кхерам тесина шуна гергахь долу Iазапца оцу дийнахь стаг хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано : "Декъаза ваьлла со‚ соьх хиллехьара латта! " == Хьажа. кхин == == Хьажораш == <noinclude> [[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]] </noinclude> [[ar:سورة النبأ]] [[az:Nəbə surəsi]] [[en:An-Naba]] [[fa:نبأ]] [[hi:अन-नबा]] [[id:Surah An-Naba’]] [[jv:Surat An Naba’]] [[kk:Ән-Нәбә' сүресі]] [[ku:Nebe]] [[ml:നബഅ്]] [[ms:Surah An-Naba’]] [[nl:Soera Het Nieuws]] [[ps:سورة النبأ]] [[pt:An-Naba]] [[ru:Сура Ан-Наба]] [[sl:Vest (sura)]] [[sq:Suretu En Nebe`ë]] [[su:An Naba]] [[sv:An-Naba]] [[tr:Nebe' Suresi]] [[ur:النباء]] All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?diff=prev&oldid=74784.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|