Difference between revisions 69939 and 70071 on cewiki{{Ислам}} '''БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м''' Хастам бу АллахIана, вай Шена хастам бечу, вай Шегара гIо лоьхучу, вай Шегара гечдар доьхучу. АллахIехь лардар лоху вай - вайгарчу вочу хIуманех а, къилахь долчу гIуллакхех а. АллахIа нийсачу новкъа нисвинарг цхьаьнгге тилалур вац, Цо тилийнарг цхьаьнгге нийсачу новкъа нислур а вац. Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац, Ша цхьаъ волуш, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до: вайн пайхамар Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца. АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а. *Цул тIаьхьа… *АллахIан лайш, кхера ма-беззара АллахIах кхера. АллахIах кхерарца бIаьргаш а, дегнаш а серла довлу, гIалаташна а, къиношна а гечдо. *ХIай бусалба нах! АллахIа дика дина вайна, дин а делла - кхолламца а, нийсачу амалшца а, уьнах цIенчу хьекъалшца а догIуш долу, муьлххачу а заманна а, меттигна а мегаш долу, Iилма а, Iибадат а чулоцуш долу, маттехь дош алар а, меженашца Iамал яр а, деган тешар а цхьаьнатоьхна долу. Къобал дац АллахIа халкъашкара и доцу цхьа а дин: «Ислам доцург кхин дин лоьхучуьнгара цкъа а къобал дийр дац и, эхартарчу дахарехь зе хиллачарна (я дакъаза бевллачарна) юкъахь а хир ву иза» («али-Iимран»: 85). *Хьалхара хутIба *Ислам динехь цхьа дешнаш ду: шен даггара уьш аьллачунна, цара тIедоьхучуьнца Iамал йиначунна, цуьнца Iалашо АллахI резавар а йолуш, ялсамани чу гIур ву иза, хьесап доцуш, Iазап доцуш, барт хаттар доцуш. (لا إله إلا لله) – «Кхин дела вац АллахI бен» боху дешнаш ду уьш. Уггаре дикачарех дешнаш ду уьш, уггаре езачарех Iамал ю уьш, иманан дакъошха уггаре лакхара дакъа ду уьш. *Баккъалла а, и дешнаш аьлларг динера уггаре лакхарчу дикалле хьалакхаьчна ву. Маттехула уьш алар тоам болуш дац - Ислам дина чу вала а, я Ислам динехь латта а. *Цул совнаха, важиб ду бусалба стаг хилар, цуьнан маьIна хууш а, цо тIехьоьхучуьнца Iамал еш а. *Цо тIехьоьхург а, цо важиб дийриг а - иза: ширк тIе цаэцар а, цхьаъ хилар АллахIана тIечIагIдар а, цо чулаьцнарг а, цо тIехьоьхург а нийса хиларх дог тешна а долуш. *Бусалба стаг даггара хила веза шен иманехь, шен Iакъидатехь, АллахIана муьтIахь а волуш – хьукмехь, омрехь, шарIехь, къадарехь. *Бусалба стеган бакъо яц шен хьашташ далхо АллахIе бен, я шен гIайгIанаш а, баланаш а дIаайдар деха а Цуьнга бен. *«Нагахь АллахI хьоьха зеца хьакхалахь, цуьнах хьалхаваккха (я кIелхьараваккха) аьтто хир бац, И воцучуьнан. Нагахь И хьоьха диканца хьакхалахь, дерригенна ницкъ кхочуш ма вай И» («ал-АнIам»: 17). *Цуьнга деккъа цхьа доIа дар а ду доккха Iибадат, уггаре дезачу Iибадатех долуш. *Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: »ليس شيء أكرم على الله من الدعاء« «АллахIана гергахь доIанал сийлахь хIумма а дац». *Ибн Iаббаса, АллахI реза хуьлда цунна, боху: يقول ابن عباس رضي الله عنه: »أفضل العبادة الدعاء«. *«Уггаре дезах Iибадат - доIа ду». *Бала тIекхозабеллачо Шега дехча - луш ву Сийлахь верг, Шегара гIо лехнарг – ларвеш ву Сийлахь верг. يقول رسول الله صلى الله عليه وسلم لإبن عباس رضي الله عنه: »إذا سألت فاسأل الله’ وإذا استعنت فاستعن بالله’ واعلم أن الأمة لو اجتمعت على أن ينفعوك بشيء لم ينفعوك إلا بشيء قد كتبه الله لك’ وإن اجتمعوا على أن يضروك بشيء لم يضروك إلا بشيء قد كتبه الله عليك« رواه البخاري. *Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху ибн Iаббасе, АллахI реза хуьлда цунна: *«Айхьа дехахь - АллахIера деха. Айхьа гIо лахахь - АллахIера лаха. Хьуна хаийла, дерриг халкъ цхьаьнакхетта гулделча, хьуна цхьа пайда бан, цара хьуна бийр бац хьуна АллахIа хьуна язбина болу пайда бен. Уьш гулбелла цхьаьнакхетча, хьуна цхьа зен дан, цара хьуна дийр дац хьуна АллахIа хьуна хила яздина долу зен бен». Бухарис дийцина и. *Эхье ма лара хьайн Деле дехар, мел кIеззиг гIуллакх и далахь а. *Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху: يقول النبي صلى الله عليه وسلم: »سلوا الله كل شيء حتى الشسع إذا انقطع’ فإنه إن لم ييسره الله لم يتيسر« رواه أبو يعلى. *«Массо хIума деха АллахIе, нагахь хаьддехь чимчаргIа а, хIунда аьлча, АллахIа и атта ца дахь, атта хир дац и». Абу ЯIлас дийцна и. *Амма велларг а, воцург а - шена пайда бар а, я шена зен дар а шен карахь долуш вац, кхечунна пайда бар-м муххале а. Велларг шена кхечо дечу доIане хьашт ву. Пайхамара вайга омра ма-дарра: вай кешнашка дахча царна къинхетам беха, царна доIа а де, аьлла. Цаьрга орца деха ца аьлла цо вайга. *Лекха, Сийлахь вайн Дела Шен хазаран а, гаран а куьцаш долуш ву. Цуьнан Делалла емал дар а, Цуьнан Олаллин ларам цабар а ду - ахьа Цунний, хьайний юккъехь доIанехь а, дехарехь а юкъарчаш бар, хIара дешнаш аьлларг И воллушехь а: »ادعوني أستجب لكم« غافر:60. *«Соьга деха, Аса жоп лур ду шуна» («ГIафир»: 60). *«Ихлас» дош дохочух ду - АллахI воцчуьнан дуьхьа цIий Iанадар: »قل إن صلاتى ونسكى ومحياى ومماتى لله رب العالمين. لا شريك له وبذلك أمرت وأنا أول المسلمين« الأنعام:162-163. *«Ала: баккъалла, сан ламаз а, гIурба дер а, сан дахар а, сан валар а – АллахIан дуьхьа ду, Iаламийн Дела волчу, Шеца накъост воцуш. И суна тIедиллина, со муьтIахьчарех (я бусалбанех) хьалхарниг а ву» («ал-АнIам»: 162-163). *Хьажи цIенна гонаха го боккхуш тIаваф[1] дар а, хьажи цIийнан Далла хьаставалар а, муьтIахь хилар а шена чулаьцна долуш доккха Iибадат ду. »وليطوفوا بالبيت العتيق« الحج: 29. *«Го тосийла цара ширачу ЦIенна гонаха» («ал-Хьаж»: 29). *АллахIан цIа доцучу кхечу цIеношна, къуббанашна а, кешнашна а, гонаха тIаваф дар - ялсамане вахарх воккхучу бахьанех ду. *Хьашт хилла ехкинчу меттигашкахь АллахIан цIарах дуй баар - Iаламийн Дела ларар а, И вазвар а ду. И воцчуьнан цIарах дуй баар - Кхоьллиначуьнан агIо цаларар ду. Цундела пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху: »من حلف بغير الله فقد كفر أو أشرك« *«Аллах1 воцучух дуй биъначо керстаналла дина, я ширк дина». Тирмизис дийцина и. *Нагахь цхьамма, бIаьрг ца хилийта, я шена цхьа пайда тIебаийта аьлла, лагжайнаш а, хIайкалш а оьхкинехь… Дала хаьржина ваийтинчу пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, доIа дина, цо лоьхург кхочуш ма хилийта Ахьа, цо лехначунна дуьхьал дерг хилийта Ахьа аьлла. *Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, боху: *«Шен коча хIайкал оьллиначунна, АллахIа кхочуш ма хуьлийтийла цунна цо лоьхург». Абу Давудас дийцина и. *Пайхамар, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, байIат тIе ца оьцуш, вухаваьлла оьхкина хIайкалш а, жайнаш а долучаьргара. *ЖухIани тайпанах волчу Iукъбат бин Iамира дуьйцу: *«Пайхамарна, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, тIе цхьа тоба еара, царех иссан байIат тIе а эцна, цхьаьнгара тIе ца оьцуш сацийра цо, цара элира: «ХIай АллахIван элча, иссанца байIат ди ахьа, хIокху цхьаьнца ца ди ахьа». Цо аьлла: «إن عليه تميمة» - «ХIайкал ду цунна тIехь». Шен куьг цунна тIе кховдийна, оззийна хада а дина, цул тIаьхьа байIат а дина, цо аьлла: «من علق تميمة فقد أشرك» - «Шена тIе хIайкал оьллиначо ширк дина»». (Ахьмад, ал-Хьаким). *Баланаш, бохамаш, гIайгIанаш тIеяьхкича, Ша Цхьаъ волчуьнга товжа хьо, дика жоп лург ву хьуна И. *Нагахь муьлххачо Шен са а, дегI а АллахIах дIахIоттахь, шен хьашташ Цуьнга кховдийнехь, Цуьнга вирзинехь, шен болх Цунна тIебиллинехь - цо мел дехначунна тоаме а, кхачаме а ву И. Хала мел дерг атта дийр ду Цо цунна. *Амма нагахь муьлхха цхьаъ И воцчух дIахIотталахь, кхечуьнан Iилманах а, хьекъалех а, хIайкалех а синпаргIато яхь, кхечуьнан гIоранна а, ницкъанна а иза тIе товжахь - ша тIетевжиначунна вуьтур ву иза АллахIа, сийсаз а вийр ву Цо иза. *«Тайсирул-Iазизил-хьамид» жайнахь аьлла: *«ХIара хууш ду КъурIанан аяташха а, хьадисашха а зеделлачаьргахула». *Дин дохочу жIевнеха[2] ду - бозбуунчалла а, хIилланаш а лелочарна тIеэхар, хиндерг хаьа бохучарна а, пал туьйсучарна а тIеэхар. *Сийлахь-везачу АллахIа боху: *102 وما يعلمان من أحد حتى يقولا إنما نحن فتنة فلا تنكفر« البقرة *«Амма цхьаьнненна а ца хьоьхура цара (шина малеко)‚ цуьнга аланза: «Баккъалла а, тхо зер ду (нах зен дахкийтина ду), керстаналла ма дехьа»» («Бакъарат»: 102). *Хьадисехь ду: *من أتى عرافا أو كاهنا فصدقه بما يقول فقد كفر بما أنزل على محمد « رواه النسائي *«(Iаррафанна) я (КахIинна) тIевахана, тIаккха цо (хьехначух) аьллачух иза тешахь, цо керстаналла дина Мухьаммадана, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, тIедоссийначуьнца». ан-Нисаий *Бозбуунчашка дехнарг милла велахь а, кхечарна мекарло яр, ша араяьккхинчу мекарлонан бала цуьнга шегга юхабоьрзур бу. Лекха волчо аьлла: *ولا يحيق المكر السيئ إلا بأهله« فاطر:43. *«Вон мекарлонаша го ца лоцу (я дода ца доьду) вониг лелочух бен» («ФатIир»: 43). *Бода боданца буха ца туху, зулам зуламца духа ца туху. Бозбуунчаллин Iаьржалла юха туху КъурIанан нуьрца, цуьнах террачу Iаьржаллица ца туху и юха: *وننزل من القرآن ما هو شفاء ورحمة للمؤمنين« الإسراء:82. *«КъурIанан чохь доуьйту Оха дарба а, муъма нахана къинхетам а» («Исраъ»: 82). *ХIай бусалба стаг, ларъе хьайн Iакъидат - хьан долахь долчу хIуманех уггаре мехале хIума ду хьуна и, ахьа тIаьхьалонна дIадуьллучух уггаре сийлахь дерг ду хьуна и. Ширко дIадойъу кхолламехь чудиллина нур - дакъазлонан а, мостагI тIетасаран а бахьана ду хьуна и. »فاستمسك بالذي أوحي إليك إنك على صراط مستقيم. وإنه لذكر لك ولقومك وسوف تسئلون« الزخرف:43-44. *«Хьайга доссийнарг хьалаца. Баккъалла, нийсачу новкъа тIехь ву хьо. Иза – дагадаийтар ду хьуна а, хьан къоманна а, барт хоттур болуш а бу шуьга» («аз-Зухруф»: 43-44). *АллахIа беркат дойла суна а, шуна а Сийлахь долчу КъурIанехь… *ШолгIа хутIба *Хастам бу АллахIана - Цо динчу диканна, шукар ду Цунна - Цо тофикъ[3] даларна. *Тоьшалла до аса кхин дела цахиларца, АллахI воцург, Ша цхьаъ Волу, Шеца накъост а воцуш. *Тоьшалла до аса Мухьаммад хиларца Цуьнан лай а, Цуьнан элча а. АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а. *Цул тIаьхьа… *ХIай бусалба нах! ШолгIа рукна, шина шахIадатал тIаьхьа йолу - ламаз ду. Уггаре хьалха лайн хьесап ден дерг ду и къематдийнахь. КIадонаш ма е бусалба нахаца цхьаьна жамаIатехь ламаз дарна. *Мало яр ма тола де Iаламийн Далла муьтIахь хиларалла а. АллахIа и лардиначарна кечдинчу даккхийрачу даларех дIа ма хада. Лайн шен Делаца йолчу уьйран бараме хьаьжжина дIаделлало цунна диканаш. *Къинойх а, гIалатех а ларло - Далла муьтIахь хиларш даздийр хьуна цара. *АллахIан дине кхайкхарехь - АллахIан динна ларам бар а, чIагIдар а, сий дар а ду. Пайхамаршна а, элчанашна а тIаьхьавазар ду. Аларех уггаре хазниг а, сийлахь дерг а ду и. *Лазар талла ахьа, цунна догIуш долу дарба а дилла ахьа. Айхьа дине кхойкхучийн хьал довза, царна оьшург а хаа. Нехан сингаттам хьайна тIеэца, хьайн сингаттамаш нехан белшаш тIе ма дахка. *Сов даккха ахьа тоба дар а, гечдар дехар а. Чаккхе дика хиларца ду хьуна маьIна, юьхьиг эшна хиларца дац хьуна. Хьоьгара диканиг къобалдина хиларан билгало – вон тIаьхьа диканиг дазор ду хьуна. *Къатадата, АллахIа къинхетам бойла цуьнах, боху: * يقول قتادة – رحمه الله -: ((إن هذا القرآن يدل على دائكم ودوائكم’ فأما داؤكم فالذنوب’ وأما دواؤكم فالإستغفار)). *«Баккъалла а, хIокху КъурIано гойту шун лазар а, шун дарба а, ткъа шун лазар - къинош ду шуна, шун дарба - гечдар дехар ду шуна». *Ялсаманешна чудахаран бахьана ду и, ницкъ сов баларан бахьана ду и, бала бухатохаран бахьана ду и. *Абу ал-МинхIала боху: يقول أبو المنهال – رحمه الله -: ((ما جاور عبد في قبره من جار أحب من الاستغفار)). *«Стагана шен кошахь, лулахь сов дукха дезар долуш цхьа хIума ма дац гечдар дехарал а». *Цул тIаьхьа диц ма дойла аша АллахIа шайга дина омра: Шен пайхамарна къинхетам а, маршо а еха, аьлла… *Хьехам хIоттийнарг: Iабд ал-Мухьсин ал-Къасим, пайхамаран сий долчу маьждиг чохь имам а, хутIба дийриг а волу. ''Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ''. == Хьажа. кхин == == Хьажораш == [[Category:Бусалба динах лаьцна|{{PAGENAME}}]] [[Category:Ислам|{{PAGENAME}}]] [[ace:Tauhid]] [[ar:التوحيد في الإسلام]] [[ast:Tawhid]] [[az:Tövhid]] [[ba:Тәүхид]] [[bg:Таухид]] [[bn:তাওহিদ]] [[bs:Tewhid]] [[ca:Tawhid]] [[ckb:یەکتاپەرستی لە ئیسلامدا]] [[crh:Tevhit]] [[cy:Tawhid]] [[da:Tawhid]] [[de:Tauhīd]] [[dv:ތައުޙީދު]] [[en:Tawhid]] [[eo:Tawhid]] [[es:Tawhid]] [[fa:توحید (اسلام)]] [[fi:Tauhid]] [[fr:Tawhid]] [[hi:ईश्वर की एकरूपता (इस्लाम)]]⏎ [[id:Tauhid]] [[it:Tawhid]] [[ja:タウヒード]] [[jv:Tauhid]] [[kk:Таухид]] [[mk:Тевхид]] [[ml:തൗഹീദ്]] [[ms:Tauhid]] [[nl:Tawhid]] [[no:Tawhid]] [[pl:Tauhid]] [[ps:توحيد]] [[pt:Tawhid]] [[ru:Таухид]] [[sd:توحيد]] [[sh:Tawhīd]] [[simple:Tawhīd]] [[sq:Tauhid-i]] [[sv:Tawhīd]] [[ta:தவ்ஹீத்]] [[te:తౌహీద్]] [[tr:Tevhid (din)]] [[tt:Тәүхид]] [[uk:Таухід]] [[ur:توحید]] [[zh:認主學]] All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?diff=prev&oldid=70071.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|