Difference between revisions 69947 and 78249 on cewiki{{Къуръанан сураташ}} {{Куцкеп:Ислам}} 73 Сурат АЛЬ-МУЗАММИЛ ДIахьаьрчинарг (Маккахь доьссина‚ дерриге 20 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца. Дакъа 1 1. ХIай дIахьаьрчинарг ! 2. ГIатта буьйсана‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIан/. 3. Цуьнан ах йите‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае. 4. Я тIетоха цуна. КъурIан деша (меллаша, хазачу) дешарца. 5. Оха дуьхьалтухур ду хьуна хала дош. 6. Баккъалла а, буьйсанан хан езза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгала ю дашца. 7. Хьуна дийнахь дехха гIуллакхаш ду /КъурIан деша мукъа ца волу хьо/. 8. Хьехае хьуо Кхиош-кхобушволчу /Делан/ цIе. /Дуьненах/ хада Цуна /Далла/ Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца. 9. Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобушверг ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал /тIетовжа гIоьнча/. 10. Собар де цара /Маккан керастанаша/ олучунна тIехь‚ вада царех хаза вадарца. 11. Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдешберш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг. 12. Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю. 13. Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду. 14. Оцу /къемат/ дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегар ду /ластор ду/‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу барз. 15. Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ ваийтарх терра. 16. ФирIавн Iеса хилира элчана тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу лацарца. 17. Шу муха кIелхьарадовлур ду аша керстаналла дича ша бераш къеж бийр болчу дийнах? 18. Стигал этIар ю /оцу дийнахь/. Цуьнан /Делан/ ваIда кхочуш хилла. 19. Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо ша Кхиош-кхобучуьнга некъ лоцур бу /цунах/. Дакъа 2 20. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобушволчунна хууш ду хьо буьйсан кха декъан шина декъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шен Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха декъан цхьа дакъа заманчохь а‚ хьоьца болчарех цхьа тоба ю /иштта буьйсана гIеттина Iамал еш иза а хаьа Далла/. Дала барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цуна хиина аш иза дагар ца дой‚ Цо шун тоба къобал дина. Деша атта дерг КъурIанах. Цуна /Далла/ хиина‚ шух хир ву цомгашверг‚ кхиберш лаьттахула баьлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш /шайна рицIкъ доккхуш/‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу. Деша атта дерг цунах /КъурIанах/. ХIоттаде ламаз‚ ло закат‚ аш ле Далла хаза декхар /юха лург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ дукха йоккха ял а хилла. Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. == Хьажа. кхин == == Хьажораш == <noinclude> [[Тоба:Къуръан|{{PAGENAME}}]] </noinclude>⏎ ⏎ [[ar:سورة المزمل]] [[az:Muzzəmmil surəsi]] [[en:Al-Muzzammil]] [[fa:مزمل]] [[hi:अल-मुज्जम्मिल]] [[id:Surah Al-Muzzammil]] [[jv:Surat Al Muzzammil]] [[kk:Әл-Муззәммил сүресі]] [[ku:Muzemil]] [[ml:മുസമ്മിൽ]] [[ms:Surah Al-Muzammil]] [[nl:Soera De Ingehulde]] [[ps:سورة المزمل]] [[pt:Al-Muzzammil]] [[ru:Сура Аль-Муззаммиль]] [[sl:Zaviti (sura)]] [[sq:Suretu El Muzzemmil]] [[su:Al Muzzammil]] [[sv:Al-Muzzammil]] [[tr:Müzzemmil Suresi]] [[ur:المزمل]] All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?diff=prev&oldid=78249.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|