Difference between revisions 74349 and 74878 on cewiki{{Къуръанан сураташ}} 55 Сурат АР-РАХЬМАН Сов къинхетаме верг (Маккахь доьссина‚ дерриге 78 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца. Дакъа 1 1. Сов къинхетаме верг. 2. Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ КъурIан. 3. Цо кхоьллина адам. 4. Цо Iамадина цуна /адамна/ хаар. 5. Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасхьалелаш/ бу. 6. Седа а‚ дитт а /Цуна/ сужд деш ду. 7. Стигал Цо иза аййина‚ Миза-терза дIахIоттина. 8. Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь. 9. Озар-эцар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза! 10. Латта а дIадаржина Цо Шен Iаламна! 11. Цуьнан /лаьттан/ тIехь стоьмаш болу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /долу/. 12. Буьртигаш /долу/ ча-гIад долуш хаза хьожа йолу баццаш а. 13. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 14. Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах кхийра пхьегI санна (топпаран пхьегI санна). 15. Цо кхоьллира жин кIура ца болучу /цIеначу/ цIерах. 16. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 17. Шинан малхбален а Дела ву Иза‚ шинан малхбузен а Дела ву. 18. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 19. Цо паргIат битира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхетан. 20. Царна шиннан юккъехь дуьхьало ю уьш вовшийн тIе ца кхийдан. 21. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /адам а‚ жин а/? 22. Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а. 23. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 24. Цуьнан ду хIоьрдачухула дIалела кеманаш лекхачу лаьмнех тера. 25. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? Дакъа 2 26. Массо цу /лаьттан/ тIехь верг хIаллак хир ву. 27. Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу. 28. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 29. Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчаьра. Массо дийнахь Иза гIуллакхлахь ву. 30. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 31. ТIаьхьа мукъадер ду Тхо шуна /гIуллакхна/‚ хIай жинаш а‚ адамаш а. 32. Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? 33. ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ латтан а дозанийн дехьадовла‚ довлал! Шу дер-м дац цхьаьна бакъонца бен. 34. /ТIаккха/ шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 35. Шуна шиннан тIе йоуьйтур ю цIеран алу /кIура боцу/‚ кIура а‚ гIо дийр дац шуна. 36. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 37. Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла басар санна. 38. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо? 39. Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а. 40. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 41. Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоцур бу кIужалашца а‚ когашца а. 42. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 43. ХIара ю и жоьжахати къиношдиначаьра ша харц еш хилла йолу. 44. Цара гонаш бохур бу цуьнан а цIийдинчу хинан а юккъехула. 45. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? Дакъа 3 46. Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчуьнна ши беш хир ю. 47. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 48. Гаьннаш долуш /ю и ши ялсамани/. 49. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 50. Цу чохь оьхуш ши шовда ду. 51. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 52. Цу шина /ялсамани/ чохь хIора стоьмах ши тайпа бу. 53. ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 54. Уьш /дика Iамалш йинарш/ хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу. 55. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 56. Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. 57. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо? 58. Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш. 59. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 60. ТIкъа диканан бекхам диканиг бен бу-й? 61. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 62. И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю. 63. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 64. ТIаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/. 65. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана иакарло йо аш шиммо? 66. Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу. 67. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 68. Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю. 69. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 70. Царна чохь дика‚ хаза /мехкарий/ хир бу. 71. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 72. Iаьржа бIаьргаш болуш‚ оьзда мехкарий хир бу шайн четаршкахь. 73. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 74. Шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. 75. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 76. Шаьш тIетоьвжина болуш баьццарачу гIайбанийн‚ хазаллих буьззинчу кузашна а. 77. ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? 78. Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу. == Хьажа. кхин == == Хьажораш == <noinclude> [[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]] </noinclude> [[ar:سورة الرحمن]] [[az:Rəhman surəsi]] [[bg:Ар-Рахман (сура)]] [[bs:Er-Rahman]] [[en:Ar-Rahman]] [[fa:الرحمن]] [[hi:अर-रहमान]] [[id:Surah Ar-Rahman]] [[jv:Surat Ar Rahmaan]] [[kk:АӘр-Раһхман сүресі]] [[ku:Rehman]] [[ml:റഹ്മാൻ]] [[ms:Surah Ar-Rahman]] [[mzn:الرحمان]] [[nl:Soera De Erbarmer]] [[ps:سورة الرحمن]] [[pt:Ar-Rahman]] [[ru:Сура Ар-Рахман]] [[sl:Usmiljeni (sura)]] [[sv:Ar-Rahman]] [[tr:Rahman Suresi]] [[ur:الرحمٰن]] All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?diff=prev&oldid=74878.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|