Difference between revisions 74784 and 78254 on cewiki

{{Къуръанан сураташ}}
78 Сурат АН-НАБАЪ
Хабар
(Маккахь доьссина‚ дерриге 40 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1
1.	Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
2.	Доккхачу хабарх!
3.	Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу. 
4.	ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
5.	ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
6.	Оха ца дина латта мотт санна /кIеда/?
7.	Лаьмнаш хьостамий санна /чIогIа/?
8.	Оха кхоьллина шу шиш /боьрша а‚ сте а/.
9.	Оха хилийтина шун наб садаIар хилла.
10.	Оха хилийтина буьйса духар  хилла.
11.	Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/
12.	Оха хIоттина шуна тIехьахула ворхI чIогIа /стигал/‚
13.	Оха бина лепаш чиркх /малх/.
14.	Оха дайитина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи /догIа/.
15.	Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚
16.	Луьста бошмаш.
17.	Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.
18.	Оцу дийнахь сур локхур ю  шу догIур ду тобанашца.
19.	ДIаеллира стигал  цунах хилира неIарш.
20.	ДIадихьира лаьмнаш  /царех/ дисина шаьш хилла сурт .
21.	Баккъалла а, жоьжахати хилира чударна йоьгIна‚
22.	/Делан дозанийх/ тIехбевлачаьрна чугIойла хилла.
23.	Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь.
24.	Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а
25.	Лалина хи а‚ нетIкъанаш бен.
26.	/Царна/ богIуш бекхам бу /иза/.
27.	Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе.
28.	Цара харцдира Тхан аяташ харцдарца.
29.	Массо хIума дIатергалдина Оха жайнаца!
30.	Iовша шайна! Сов доккхур дац Оха шуна Iазап бен.

Дакъа 2
31.	Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.
32.	Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.
33.	/Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.
34.	Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.
35.	Царна хозур дац цу чохь деса хабар а‚ харцдерг а.
36.	Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобуш волчуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла.
37.	Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь долчун а Кхиош-кхобург /ву Иза/‚ Ша сов къинхетаме верг . Цуьнгара хабар дийцаран дола дийр дац цара.
38.	Оцу дийнахь хIуттур ду Са  а ‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен  цо эр ду бакъдерг.
39.	Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Ша лууш волчо лаьцна ша Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ.
40.	Баккъалла а, Оха кхерам тесина шуна гергахь долу Iазапца  оцу дийнахь стаг хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано : "Декъаза ваьлла со‚ соьх хиллехьара латта! "






== Хьажа. кхин ==


== Хьажораш ==

<noinclude>
[[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>

[[ar:سورة النبأ]]
[[az:Nəbə surəsi]]
[[en:An-Naba]]
[[fa:نبأ]]
[[hi:अन-नबा]]
[[id:Surah An-Naba’]]
[[jv:Surat An Naba’]]
[[kk:Ән-Нәбә сүресі]]
[[ku:Nebe]]
[[ml:നബഅ്]]
[[ms:Surah An-Naba’]]
[[nl:Soera Het Nieuws]]
[[ps:سورة النبأ]]
[[pt:An-Naba]]
[[ru:Сура Ан-Наба]]
[[sl:Vest (sura)]]
[[sq:Suretu En Nebe`ë]]
[[su:An Naba]]
[[sv:An-Naba]]
[[tr:Nebe' Suresi]]
[[ur:النباءkk:Ән-Нәбә сүресі]]