Difference between revisions 78177 and 85636 on cewiki[[Сурт:Абузар Айдамиров.jpg|200px|thumb|Абузар Айдамиров]] X. Иэшам Дикачу гIуллакхашца вовшалахь хьалхе яккха гIорта... Къуръан. 2 Сура, 143 аят Шуна чов хилча, изза чов халкъана а хуьлу. (contracted; show full) - Нохчийн гIиллакх дац коьртара куй дIабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра... - Хьайга бохург дехьа, Iела, - кхеравелла, юкъа-вуьйлира СаьIад. - Мухха велахь а, Iедалан векал ма ву иза... Iелин оьгIазечу хьажаро дIатевира СаьIад. - ЛадогIахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа хьуо мила Iамо, мила к хГероб гIерта? - Хамовна тIевирзира Iела. — Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тIе ца лаца гIерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, ялхитта шарахь шуна дуьхь-ал тIом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхи-на. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг, Шун паччахьо тхоьгара мохк дIабаьккхина, тхо лолле доьх-кина. Тхан даьIахкаш юьйдина Россин а, Хонкаран а мас-со а маьIIехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кIел ах хIал-лакь(contracted; show full) Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара Iела. - И нах дIа хIунда ца бовлу цигара? - хаьттира кхе-равелла бос баьхьначу Хамовс. - Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху юьртарчу Iедал-на цара новкъарло яхь, хьан дегI тангIалкхаш тIехь кхо-зург я хьо схьавеъначу вуха гIуриг хилар! - Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со к хГероб ма гIерта. Со кхеравала а, цецвала а хIума ца дисина дуьне-нахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. ХIокху дуьне-нахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хIунда кхай-кхина дийцахьа. (contracted; show full) Иштта хила бакъо яц цхьана а стеган. Къаьсттина динадайн, Iилманчийн, яздархойн, кхиэлахойн, адамаш-на оьзданиг, къинхетамениг, цIенаниг, хьаналниг, ний-саниг хьехар шайна тIелаьцначу цхьаьннан а. Иштта къонахий массо а заманахь хилла нохчийн къоман. Царах цхьаберш, дийна болчу хенахь халкъана буйла а ца хууш, дуьненара дIакхелхина, цхьаберш дуь-пенара дIакхелхича сихха бицбина, цхьа наггахь волчун цIе иИстореихь йисина. Ишттачарах бакъволу Iеламстаг, къонаха ву ГIойса-ман Соип-Молла. 4 Соьлжа-ГIалахь кхо де даьккхира Овхьада . Шен хьешашца Мутушов Ахьматханций, Шерипов Денилбека -ций цхьаьна гIаларчу РСДРП тобанан а, белхалойн забастовкийн, стачканийн комитетийн а куьйгалхошца цара барт бира нохчийн йолахой Росси дIабуьгу цIерпошт сацорна белхалой гIовтто. (contracted; show full) матте гочдина, нахана довзийта вайн Iеламнах бац. Цун-дела бусалба адамийн коьрта декхарш нохчашна довзий-та, уьш нохчийн маттахь яздина, даржо гIерта со. Доцца аьлча, нохчашна Iилманан хаарш оьшу. Бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш. ТIаккха хуур ду вайна Дала бохург а, Пайхамара (IалайхIи салам) дийцинарг а, ша-риIат а, хIинццалц схьа дуьненахь хилларш а, тахана долуш дерг а. ТIаккха хуур ду вайна диканиг а, вониг а вовшех къасто а, Дела резавоцург дита а, зенех-зуламех, бохамех вешан ницкъ ма-кхоччу ⏎ ⏎ XI. ТаIзархой ⏎ ⏎ ⏎ ⏎ Цхьацца адамаш оьздангаллех духу, амма халкъ цкъа а ца духу. Ю. Фучик 1 Гуьмсе станцера меттахъяьлла цIерпошт, цхьа хан яьлча, цIогIане мохь а тоьхна, Соьлжа-ГIала юьйлира. Иза УстаргIардойн-Эвлах тIехъяьлчахьана, вагонийн не-Iаршка а гулбелла, вовшашна тIеттIа а теIаш, арахьуьй-сура Россе бига Соьлжа-ГIала дIагулбеш болу нохчийн йолахой. Цхьа бутт хьалха и ши бIе нохчо, цхьамма шу Россех-м хьовха, Соьлжа-ГIала гIур ду шайга аьлча а цецбевр бара. Юьртахь цхьанаэшшара дIаоьхура церан да-хар. Дийнахь — бо(contracted; show full)а кхо де хан а елла, Саьмби-КIотарахь туп тоьхна сецна Галаев. Амма гатиюьртахой гучубовлуш бац. Цо хIоттийнарг СаьIад велахь а, ткъа боккъал а юьртда Акхболатов Ахьмад ву. Селхана Iуьйранна дуьйна сар-ралц гулам лаьттина цигахь. Амма цара хIун сацам тIе-эцна ца хаьа цунна. Галаевс царна еллачу ультиматуман хан тховса суьйранна чекхйолу. ТIаккха, шен дош кхо-чушдеш, юрт лаьттаца нисъян еза цо. Иза хила йиш йо-цург дара. И омра деш а хаьара цунна, ша иза кхочуш-дийр доцийла. Кхийолу ярташ а санна, хIара а к хГероб дагахь динера. Цо хIетахь ойла ца йинера Гати-Юьртахь вехаш мIаькваьлла ши бунтовщик хиларан. Абубакаров Iела а, Хортаев Овхьад а. Царна тIе карзахе, къармазе Солтханов Солта а. Воккхастаг-м тийна-таьIна хан йок-кхуш вара. Иза юьртан гIуллакхашна а, политикана а юкъа ца гIерта боху. Амма Галаевна шера хаьа юьртан урхалле хаьржинчу пхеа стага Абубакаровх дагаволий бен ког дIатосуш цахилар. Хортаев Овхьад нохчийн интеллигенцица а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобанан куьйгалхошца а яккхий уьйраш йолуш ву. Нохчийн и(contracted; show full)хин герз карор ду царна. Масала, шаьлтанаш, шаданаш, дагарш, белаш, хьокхий. Тхуна хиъна, нагахь санна Гати-Юрт гIаттахь, цунна гIоьнна гIовтта луларчу яртийн барт хилар. ТIак-кха и ун ерриг а округе даьржар ду. Цуьнан шеко яц. Цул совнаха, тхоьга къайлах хаам кхаьчна, Зеламхин гIеранах дIакхетта тхан юьртара Сулиманов Хьомсуркъа а, Султахьаьжиев Доша а ярташна таIзарш деш лелачу хьан салташна тIелата обаргийн а, кхечу зуламхойн а йоккха гIера вовшахтухуш ву бохуш... Полковник цавашаре велавелира. - Со к хГероб гIерта хьо? Оцу сагIадоьхургех кхеравал-лал кIилло а вац со! - ХIокху Нохчийчохь массарна а хаьа хьо кIилло воцийла. Кхерамах а, зуламах а ларвалар кIиллолла яц. ХIокху деношкахь ЧIебарларчу ярташна тIехь ахь дин-чу луьрачу таIзарша а карзахбаьхна нохчмахкахой. Хьуна нийсса дерг ала лаахь, хIара ахь куьйгалла до округ мол-ханах дуьзначу шелигах таръелла. Цхьамма тIе суй кхос-сахь, эккха кийчча долчу. И суй Гати-Юрт хиларна кхоь-ру тхо. Нагахь санна хIокху округехь мятеж хилахь, хьуна бохам хиларна а кхоьр(contracted; show full) - Дика ду. Нагахь санна хIокху бартах шу дохахь, кхана делкъале шайн дош аш кхочуш ца дахь... - Дийца а ца оьшу, хьан оьздалла, тхо кхеташ ду. Баркалла хьуна! - Дала дукха вахавойла хьо! - тIетуьйхира Хьуьсас. Цара ца дийцира полковнике налог а, герз а шаьш иттех стага шайн кисанашкарчу ахчанах токхуш хилар а, гатиюьртахоша шаьш к хГеробр а. Полковнике куьйгаш а делла, шаьш арадовлуш, Iаб-ди тIаьхьа сецира. - ХIокху сингаттамо хьал-де хатта меттиг а ца ба-лийти. Доьзал муха бу, могаш буй? - Далла бу хастам, дика Iа уьш. - Суна-м цкъа бен ца гина хьан хIусамнана. Iаламат чIогIа гIиллакхехь, оьзда адам ду иза. Цо сайна дина хьошалла ца дицло суна. Соьгара маршалла а ло цуьнга. Дукха хан йоццуш Петарбухе вахча, цунна лерина хIара дашо мидал эцнера ас, - кисанара схьадаьккхина, жима бархатан гIутакх дIакховдийра Iабдис. - Ткъа хIокху ха-лачу заманахь доьзална оьшург алсам хуьлу. ХIара сов-гIат хьайна дIаэцар а доьху хьоьга... Полковникан кисана, юкъахь ахча а долуш, йовла-кхан шад таIийра Iабдис. - ХIун до ахь, Iабди! Зудчунна совгIат ша ду, ткъа хIара кхаъ эцар ма ду! - Уьш вайна юкъа ца догIу, хьан оьздалла. Уьш дий-цича, вайн доттагIаллина юкъа хГероб йогIу. Баркалла хьу-на, хьан оьздалла. Дала зенах-зуламах ларвойла хьо! Iоди-ка йойла хьан! Iабди араваьлча, йовлакхан шад а баьстина, ахча да-гардира цо. Иза цкъа а шалха а кагдаза, ши эзар сом дара... * * * ТЕРКАН ОБЛАСТЕРЧУ КЪАЬМНИЙН ДЕПУТАТА ЭЛЬДАРХАНОВ ТАЬШТАМАРА 1906 ШЕРАН (contracted; show full) Соип-Моллица делкъан ламаз а дина, доьзалан Iоди-ка а йина, Гати-Юьрта цIа верза новкъавелира Овхьад. Соип-Моллин къамелан ойла еш, и беха некъ бацбелира цунна... All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?diff=prev&oldid=85636.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|