Revision 68613 of "Ламаз" on cewiki

[[Хlум:Prayer in Cairo 1865.jpg|thumb|300px]]
'''Ламаз''' ({{мотт-ar}} <big><big>صلاة</big></big>) - «Ассолату»  бохург доIа боху маьIна долуш ду. Оцу маьIнийца Дала Къуръан чохь аьлла:

{{цитата|'''Сурат «Аттавбат» 103''':<br />ДоIа де ахь царна, бакъдолуш, хьан доIа царна синтем (а, къинхетам а) бу.}}

ШариIатехь ламаз – «Ассолату» - бохучун маьIна иштта ду: 

Иза Iибадат ду, шена чохь къастийна дешнаш а, Iамалш а йолуш долу, такбúраца дIа а долош, салам даларца чекх а долуш долу.

Къастийна дешнаш бохучун маьIна: такбир а, къуръан дешар а, тасбихь дар а, доIа дар а, иштта кхин уьш санна дерг а бохург ду.

Къастийна Iамалш бохучун маьIна: дIахIоттар а, рукуI дар а, сужуд дар а, охьахаар а иштта и санна долу кхин долу хIумнаш а бохург ду.

'''БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм''' Ассалáму Iалайкум, ва рахьматуллáхIи, ва баракáтухI. 
* Хастам АллáхIана бу, къинхетам а (салот), маршо а АллáхIан элчанна хуьлда, цуьнан гергарчарна а, цуьнан накъосташна а, иза везачарна а.
Ламаз ца деш волчуьнга дерзийна доцца дешнаш я жима жайна ду хIара. Суна бехк ма биллалуш, сан вежарий.. Шуначул хьалха сайна хьоьху аса, дагадоуьйту ламазан доккха маьIна хилар а, иза ладаме а, лараме а хилар а. Хьо ламаз дечарех велахь. хIокху ниIматанá, доккхучу диканнá АллáхIана хастам а, шукру а делахь!
* Сан ваша, пурба лохьа суна хIара тамашена хаттар хьайга дан.
* Хьо ламаз деш вуй? АллáхIан дуьхьа, ма алалахь соьга «ХIан-хIа».
* Доккха эхь ду хьуна бусулбанна ламаз ца дар. И хилла ца Iеш, эхь ду хьуна бусулбанашна вовшашка ламазах лаьцна хеттар: «Ламаз деш вуй хьо?» бохуш. Ламаз вайн бусулба динан гIортор а, нана бIогIам а болун дела а, цуьнан чIогIа бух и хиларна а. Баххаш ца хилча цIа ирахь лаьтташ ца хилча, вайн бусулба дин-Ислам ирахь а, дийна а лаьттар дуй те, ламаз вай деш ца хилча?!

* Цундела, хьалхалерачу бусулбанашна юкъахь ламаз деш волу бусулба а, ламаз цадеш волу бусулба а хилла вац. Муххале а, массо а ламаз деш хилла, ши шахIáдат даладар санна.. ТIаккха ахьа хIун эр ду, цхьамма хьоьга хаттахь: Хьо ши шахIáдат далош а, и шиъ хууш а вуй аьлла? Цо и тайпа хаттар дарха цецвер волуш а, оьгIаз гIур волуш а вац хьо?! Хьан Исламехь цо шеко ялийна хиларна. ХIокхунна юххера ду хьуна ахьа дийриг, хьуна моьттачу хенахь, Ислам ламаз ца хилчи а дIахIуттур ду аьлла.. Лена цхьá дáкъа дуй-те Исламехь, иза ламаз деш ца хилча?!.. ХаттIáбан кIанта Iумара – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла ша валарна герга вахча: «Цхьанне дáкъа дац шуна Исламехь, цо ламаз зедайинехь». (И ламаз деш вацахь).

* ХIара дерриге а хаттар хьокъехь дара. Вайна иза тамашена а, тIеэца мегар доцуш а хийтира.

* ТIаккха хIун ду, ахьа соьга: «Со ламаз деш вац» аьлча?! Оцу хенахь со хьоьца кIеззиг цасецча ца волу.. хьуна хьехам бархьама а, хьуна дIахаийтархьама а ламаз цадеш волчуьна таIзар. АллáхIан дуьхьа, дехар до аса хьоьга сох вада а ма вадалахь, сох къахка а ма къахкалахь. Суна лиъна дац хьуна диканиг бен, суна ца дезна хьуна кхетаме хьо хилар бен..

* Дерриг кхузахь дерг, со хьуна ялсамане хила лууш хилар ду..

* Иза лаамий цIа (меттиг) ду, даим лаьтташ болчу синкъерамийн меттиг ю, хедар доцучу ирсан цIа ду. Цигахь баккхийн, Iаьржа бIаьргаш (алхьýрул Iúн) долу мехкарий бу. Цигахь гIáланаш а, шурин а, мезан а, чагIаран а (дуьнена чагIарх тера доцуш) татолаш а ду. Даим лаьттан долу ирсе вахар а, зовкх а, сийлахь-доккха дахар а, бахам а ду цигахь. Гуттар лаьттан долу вáхар (дийна) хилар ду цигахь.. АллáхIа хьо а, со а цуьнан охIланах войла!

'''Ламаз цадарха хуьлуш йолу тIаьхьенаш''':-

* 1- Ламаз цадар керстаналла ду

* АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Стагана а, керстаналлийна а юкъахь ламаз цадар ду». Муслим.

* Цо – IалайхIис-салáм, аьлла: «Стагана а, ширканна а, керстаналлийна а юкъахь ламаз цадар ду». Муслим.

* Цо – IалайхIис-салáм, аьлла: «Вайна а, царна а (мунепикъашна) юкъахь болу барт а, чIагIо а ламаз ду. Ткъа и цадеш волчо керистаналла дина». Сахьийхь.

* ХаттIабан кIанта Iумара – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «Исламехь цхьанне цхьá дáкъа дац шуна, ламаз зедайина и велахь».

* МасIýда кIанта – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «Ламаз цадеш волчуьнан дин дац».

* Шакъúкъа кIанта IабдуллáхIа аьлла: Абу ХIурайрата – АллáхI реза хьулда цунна, элира аьлла: «Iамалех цхьá хIума а, и цадича керистаналла хеташ бацара АллáхIан элчанан – IалайхIис-салáм, асхьáбаш, ламаз бен». Сахьúхь.

* Абу – Ад-Дардáа АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «Ийман дац ламаз цадеш волчуьнан, ламаз а дац и карахь а доцуш диначуьнан».

* ИбрáхIúм Ан-НахаIúс – АллáхIа къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ламаз цадеш верг керста ву».

* Iелам нехан хIокху керстаналлин тайпанехь болу къийсамашка а ца хьоьжуш-малонна ламаз цадеш волчуьнан хьокъехь, иза дан дезаш (перз, вáджиб) хиларха дог тешна а волуш – иза доккха керстаналла ду-те, Исламан динах дIа а воккхуш, я жима керстаналла ду-те, Исламан динах дIа а ца воккхуш? Оха ламаз цадеш волчуьнан лерга шабар-шибар до:

* Хьо реза хир вуй хьайн Ислам Iелам нахана юкъахь къийсаран гIуллакх хиллийта? ТIаккха цхьана декъо (тобано) боху: «Иза даьхний а, цIий а хьанал долуш керста ву. Иза баккъалла а, вáхарна хьакъ вац, муххале а, иза динах вáларна, бусулбанийн куьйгалхочунна тIехь ду и вер. Цо бусулба зуда яло а мегар дац. Иза лийчо а, цунна марчо хьарчо а мегар дац. Цунна тIехь докъа ламаз а дийр дац. Бусулбанийн кешнашка дIа а вуллур вац и. Даиманна жоьжахатахь  а латтор ву и ФирIýнаца а, ХIáмáнаца а». Кхечу тобано боху: «ХIан-хIа, иза фáсикъ (Далла муьтIахь хилар дитинарг) ву, Iеса (вониш дийриг) ву, фáджир (бáла боцуш вониш дийриг) ву. ТаIзарна вен вогIург ву и, ламаз цадеш и дIаводахь». ХIара хьйна хила реза ву хьо?! Со-м вац и хьуна хила лууш а я реза а!

* 2- Ламаз цадар уггар даккхийчу къиношха ду

Ибн Хьазм имамо – АллáхIа къинхетам бойла цунах, аьлла: «АллáхIаца накъост варал тIаьхьа доккха къа дац ламаз ца даралал а, цуьнан хан дIа а йохуьйтуш, бакъо йоцуш муъма стаг верал а». 

Ибнуль Къаййим имамо аьлла – АллáхIа къинхетам бойла цунах:  «Бусулбаниúн къийсам бац (барт бу) лаамна цхьа перз ламаз дитар массарел даккхийчу къинойха хилар, даккхийчу къиношха доккханиг хилар, цуьнан къа АллáхIана гергахь стаг вер къинал доккха хилар, даьхни схьадаккхарал, зинá дарал, къола дарал, чагIар маларал. Цунна АллáхIан таIзар а, Цуьнан оьгIазло а, Цуьнан сийсазалла хирг хилар а дуьненахь а, эхартахь а».

* 3- Ламаз цадар мунепикъалла ду

АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Баккъалла а, мунепикъаш АллáхI Iехош бу, Иза (Оцунна) царна бекхам бийр болуш ву. Уьш (муъманашца) ламазна дIахIуьттучу хенахь, мало еш (хала) хIуьтту уьш. Нахана гайтамана до цара шайн ламаз. АллáхI ца хьахаво цара (ламаз цадо цара) гайтамана дуьхьа бен». Ан-Нисаъ: 142.

* АллáхIа – ТаIáлá, кхин а аьлла: «Ламазе а ца богIу уьш мало еш (халла) бен». Ат-ТовбахI: 54.

Iаббáсан кIанта АллáхI реза хьулда цаьршинна, аьлла: «Нахана юкъахь волуш (тобанца хилча) ламаз до цо, шá висинчу хенахь ламаз цадо цо».

Цу тIе а доьгIна, мунепикъалла Iибáдатехь мало йойтуш ду.

* Цаьрга ламаз дойтуш долу хIума, нах реза бан цера лаам хилар а ду, шайгахь ийман ду моттийтар а ду. Ламазна тIе хIуьтту уьш чIогIа хала, мало еш, тIаьхьа буьсуш, пайхамара – IалайхIис-салáм, ма аллара, ламаз тIаьхьа тоьттуш волчуьнан хьокъехь: «Иза мунепикъ нехан ламаз ду – кхузза (аьлла цо иза) – царех  цхьаъ охьахуу малх ларбан, тIаккха иза шайтIана шина маIийна юккъе  я шайтIанан шина маIийна тоьхула нисбелча, хьала а гIотте доьазза зIок туху цо. Оцу ламаз тIехь кIеззиг бен АллáхI дага а цавогIу цунна».  Муслим.

* ТIаккха, мунепикъ халкъалахь уггар вониг хилча, цо мало а еш ламаз дечу хенахь, я и шен хенах цо тIаьхьа тоьттучу хенахь, ткъа цул а вон волчуьнан хьал муха хир ду аьлла хета хьуна, цкъá ламаз деш воцуш волчу?! МасIýдан кIента – АллáхI реза хуьлда цунна, дешан дика ойла е, цо джамаIатехь дечу ламазан хьокъехь къамел дечу хенахь, цо боху: «Суна тхо гина, цунах тIаьхьа вуьсуш (ламазе цавогIуш) вацара билггала мунепикъ вуйла хууш, гIарваьлларг бен». Муслим.

ХIара ламаз деш волчуьнан хьал ду, амма иза джамáIате вогIуш вац. Ткъа цкъá ламаз цадеш волчуьнан хьал хIун хир ду?!!!!

* 4- Ламаз цадар юьхьIаьржо, бода, дуьненахь а, эхартахь а хIаллак хилар ду

Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Ламаз лардеш, цуьнан гIайгIа беш хилларг, иза цунна къемата дийнахь нур а, билгало а, кIелхьарволийла а хир ду. И лар цадинарг, цуьнан нур а, билгало а, кIелхьарволийла а хирдац. Къемата дийнахь Къáрýнаца а, ФирIýнаца а, Хáмáнаца а, Халаф кIантаца Убаййаца а хирву и». Сахьúхь.

* Iелам нахаха цхьаболчара аьлла: «Ламаз цадеш верг хIокху веаннах дIатухур ву, иза ламазах юкъахваьлла хиларна шен даьхни бахьана долуш, я шен паччахьалла бахьана долуш, я шен визáраталла (куьйгалла, министралла) бахьана долуш, я шен совдегаралла (махлелор) бахьана долуш. Нагахь санна иза шен даьхни бахьана долуш юкъахваьлла (ламаз цадеш) велахь, Къáрýнаца хирву и. Шен паччахьалла бахьана долуш и юкъахваьллехь, ФирIýнаца хирву и. Шен визáраталла бахьанехь и юкъахваьлла велахь, ХIáмáнаца хирву и. Цуьнан юкъахвалар шен совдегаралла бахьанехь хиллехь, Халафан кIантаца Убаййаца хирву и, Маккарчу керсатийн (воккха) совдегархо волчу».

* 5- Ламаз цадаро лена АллáхIан Iазап а, Цуьнан кхерам а хулуьйту

АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Жоьжахати хIун ю хьуна муха я мичара хуур ду? Цо цхьá хIума ца дуьту (шена чу тесначуха дагийна, хIаллак дина бен), цу чуьра (цхьа хIума а) арадала ца дуьту. Чкъор дагадой Iарждо цо. Цунна тIехIотийна ткъесна (малик) ду». Ам-Муддассир: 27-30.

* АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Массо стаг ша динарг бахьанехь закъалтана сацийна хир ву (цунах жоп дала дезаш), аьтту агIонан дай (нах) боцурш (уьш муъминýнаш бу, ткъа уьш жоьжахатех кIелхьарбевр бу), ялсаманена бошмашкахь вовшашка хоьттуш хир бу уьш, къинош а, бохамаш а бинчера хьолах лаьцна. Шу жоьжахата муьлхачу хIумано я хIун бахьана долуш дахийтинера? Цара эр ду: ламаз дечарех дацара тхо, мискачунна яош (и кхобуш) дацара тхо, харцо леррина лелош а, йуьцуш а дара тхо и лелош болчаьрца». Аль-Муддассир: 38-45.

* Цундела ламаз ца дийриш жоьжахатахь хир бу. АллáхIана – ТаIáлá, рукуIе баха цабаьшнарш а, ламазан хенаш цаларйинарш а, царна йоккха дакъазалла а, Iазап а хир ду. АллáхIа – СубхьáнахI, аьлла: «Цаьрга рукуI де аьлча, рукуI цадо цара, доккха Iазап ду оцу дийнахь бекхаман де харцдечарна», Аль-Мурсалáт: 48-49.

АллáхIа – ТаIáлá, кхин а аьлла: «Йокхха дакъазалла а, Iазап а ду ламаз дечерна, шайн ламазан бала боцуш болчу (и шен хенахь цадеш болчу)». Аль-МáIýн:4-5.

Ламаз зе дойуш берш а, цуьнгахь ледарло йийриш а, царна жоьжахатенан боьрахь меттиг хир ю «Аль-ГIайй» цIе йолуш. МасIýдан кIанта – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «Иза жоьжахатахь чIогIа кIорга, вон чам болуш боьра бу».

* АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «ТIаккха царал тIаьхьа цхьа вон тIаьхье еара, ламаз зедойуш (цадеш), Iесачу лаамашна тIаьхьа хIиттина, жоьжахатена боьра чуоьгар бу уьш». Марйам:59.

ТIаккха, хIай ламаз цадеш верг, шен дикаллаш лара а хуур доцуш долу, дийнахь-буса дуьззина пхи ламаз дар, атта дац жоьжахатенан охIлана ноткъанал а, жоьжахатена цIергахь чIогIа Iазап ларал а, хало хьегарал а?

* 6- Ламаз цадар инзаре боккха бáлá а, вон а ду

Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Цхьа ламаз тIехдалийтина стаг, шенá гуш, шен доьзал а, даьхни а схьáбаьхьна дIабигначух тера ву». Сахьúхь.

Кхечу дешнашкахь: «Шух цхьаьнна доьзал а, даьхни а дIадахьар, дика ду цунна, ламазан хан тIехйолуьтачул».

Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «(Къаьсттина) малх буза ламаз тIехдолуьйтуш верг, шен доьзалха а, даьхнеха а ваьлларг санна ву». Бухарий, Муслим.

Альмавтýр – шен доьзал а, даьхни а дIабигнарг ву, и цаьрга хьоьжуш а волуш. Иза чIогIа гIайгIá а, бáлá а бу. Ламаз тIехдалийтинарг, цунна тIехь къина гIайгIа а, меланах вáлар гIайгIá а гулъелла.

Бурайдата – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: Суна АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, олуш хезна: «Малх буза ламаз цадина волчуьна Iамал йоьхна». Бухари.

* 7- Ламаз цадар ленал шайтIа толаран бахьна ду

АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: «Ар-Рахьмáн Шен цIе йолчу делан Къурáнах ца ваьшна дIавирзинарг, цунна тIе шIайтIа тосур ду Оха, иза цуьнан дIацакъаьсташ накъост хилла дIахIуттур ду». Аз-Зухруф: 36.

АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Юьртахь я арахь кхоъ стаг хир вац, шайлахь джамаIат ламаз цадеш, шайтIа царал тоьлла бен. Цундела джамаIат латтаде, барзо юьстах баьлла уьстагI бен ца буу шуна». Хьасан.

Хьалха дIабаханчу дикчеха цхьаммо аьлла: «Суна лай гина, АллáхIана а – СубхьáнахI, шайтIанна а юккъе охьатесна. АллáхI цунах дIавирзича, шайтIанна висара и, АллáхIа цуьнан дола дича, шайтIанна ницкъ ца кхачара цунна хIума дан».

'''ТIаьххьара а''': Хьуна хаьий?

Хьуна хаьий, ламаз пайхамаран – IалайхIис-салáм, весет а, цуьнан омра а хилар, дуьненчуьра ша дIаволуш?... АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла, тIаххьара ша дIакхелхаш: «Ламаз ларделаш, ламаз ларделаш, гIаьрбашна дика а хилалуш (невольницы)». Сахьúхь.

Хьуна хаий, АллáхI – ТаIáлá, ламаз ца дечух дIахаьдда вуй?...

* АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Варийлахь, хуъушехь ламаз ма диталахь, хуъушехь (умышленно) ламаз дитинарг, АллáхIан а, Цуьнан элчанан а цхьа зIе яц хьуна цуьнца». (Аьлча а, чIагIам а, лерам а бац цуьнан), Сахьúхь. 

* Хьуна хаьий, хьалха хьан лорун дерг а, хьоьга жоп доьхун дерг а ламаз хилар?... АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Къемата дийнахь лен хьалха лорун дерг ламаз ду. И мегаш хилахь , цуьнан йисина Iамал мегаш хир ю. И телхина хилахь, цуьнан йисина Iамал телхина хир ю». Сахьúхь.

Хьуна хаьий, ламаз уггар дика Iамал хилар?...

Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Уггар дика Iамал, шен хенахь дина ламаз ду». Иштта, цо – IалайхIис-салáм, аьлла: «Шуна хаийла шун Iамалех уггар диканиг ламаз хилар». Шиá хьадис сахьúхь ду.

Хьуна хаий, велчунна массо а хIуманал дукха дезаш дерг хIун ду?... Пайхамара – IалайхIис-салáм, цхьана коша тIевеъна, цо аьлла: «ХIокху кошахь верг мила ву?» Цара аьлла: «Хьанех ву». ТIакххка цо аьлла: «Шун буха дисинчу дуьненал хIокхунна алсам дезаш ду шуна ши ракьIат». Сахьúхь.

Хьуна хаий, АллáхIа ламазашца кегий къинош дIадохий?...

* АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Пхи ламаз ду АллáхIа перз дина. Цера эцар нийса динарг, уьш церан хенахь динарг, церан рукуI а, суджýд а, хушýI а (делан сий дар а, Цунна муьтIахь хилар а) кхочуш динарг, АллáхI юкъара хилла ву цунна геч дан. И цадинарг, АллáхI цунна юкъара хилла вац. Шена лаахь гечдийр ду Цо цунна. Шена лаахь Iазап лур ду Цо цунна». Сахьúхь.

Кхин а аьлла пайхамара – IалайхIис-салáм: «Пхи ламаз а, рузба а рузбанна тIе кхаччалц, царна юкъахь эгначу къиношна каффáрат (къинойха цIанвеш) ду, даккхийчу къинойха ларвелчахьана».

'''Пайхамара IалайхIис-салáм, иштта аьлла''': «Цхьá бусулба къоьнаха вац, перз ламаз шена тIедогIуш волу, тIаккха цуьнан эцар а, хушýI а (делан сий дар а, Цунна муьтIахь хилар а) дан ма деззара деш волу, и ламаз цул хьалха хиллачу къиношна каффáрат хуьлуш бен, доккханиг цадичхьана. Иза иштта даим хирдолуш ду». Муслим.

* Цундела, сан бусулба ваша, сихо е АллáхIе – ТаIáлá, тоба дан, АллáхIана – ТаIáлá, дог цIандеш, дIадаханчунна дохко волуш, духа и къинош даре ца ван чIогIо дагахь нийат деш, АллáхIана муьтIахьаллаш хьалхачул дукха деш. «Тоба а дина, ийман а диллина, дика Iамал а йина воцург. Уьш АллáхIа шайн вониш диканашка хуьйцур долуш нах бу. АллáхI гечдеш а, къинхетаме а ма ву. Тоба а дина, дика (Iамал) йинарг, иза дуьззина тоба дина АллáхIе воьрзуш ву». Аль-Фуркъáн: 70-71.

* ХIинца суна хьо гуш санна хета, тоба дан чIогIа дагахь нийат дина, хьайн ши пхьарс ламаз эца хьалакарчийна.

* Йа АллáхI, тхо нисде Ахь, тхоьца нисбе Ахь, нисбелчарна тхо бахьана де Ахь. АллáхIумма (йа АллáхI) Амúн (тхан доIийна жоп ло Ахь) АллáхIумма, Амúн. Вазварха хоьттина болу къинхетам а, маршо а, беркат а де Ахь, Мухьаммаданá, цуьнан гергарчарнá, цуьнан накъосташна массарнá.

''Шун бусулба ваша ИбрахIим''

== Кхин хьажа ==
* [[Исламан арканаш]]
* [[Ламазан хенаш]]
* [[Ламаз дитаран къа а, хьукма а]]
* [[Ламаз ца дечуьнга, ламаз дойтун долу дешнаш]]

== Хьажоригаш ==
[http://islamanserlo.net/islamanserlo/Xexamash.htm islamanserlo]

[[Кадегар:Бусалба динах лаьцна|{{PAGENAME}}]]
[[Кадегар:Ислам|{{PAGENAME}}]]
[[Кадегар:Исламан арканаш]]

[[ace:Salat]]
[[ar:الصلاة في الإسلام]]
[[arz:صلاة (إسلام)]]
[[ast:Salat]]
[[av:Как]]
[[az:Namaz]]
[[ba:Намаҙ]]
[[bn:নামাজ]]
[[bs:Namaz]]
[[ca:Pregària salat]]
[[ckb:نوێژ]]
[[cs:Salát (islám)]]
[[cv:Намаз]]
[[cy:Salah]]
[[da:Salah]]
[[de:Salat (Gebet)]]
[[dv:ނަމާދު]]
[[en:Salah]]
[[es:Salat]]
[[fa:نماز (اسلام)]]
[[fi:Salat]]
[[fr:Salat (islam)]]
[[gu:નમાઝ]]
[[he:צלאה]]
[[hi:नमाज़]]
[[hr:Namaz (islam)]]
[[id:Salat]]
[[it:Ṣalāt]]
[[ja:サラート]]
[[jv:Shalat]]
[[ka:ნამაზი]]
[[kk:Намаз]]
[[kn:ನಮಾಜ್]]
[[ko:살라트]]
[[ku:Nimêj (selat)]]
[[lb:Salat]]
[[lbe:Чак]]
[[lt:Salat]]
[[lv:Salāhs]]
[[ml:സലാ]]
[[ms:Solat]]
[[ne:नमाज]]
[[nl:Salat (islam)]]
[[no:Salah]]
[[pl:Salat]]
[[pnb:نماز]]
[[pt:Salá]]
[[ru:Намаз]]
[[sd:نماز]]
[[sh:Salat]]
[[so:Salaad]]
[[sq:Namazi]]
[[sr:Намаз (молитва)]]
[[su:Solat]]
[[sv:Salah]]
[[ta:தொழுகை]]
[[tg:Намоз]]
[[th:ละหมาด]]
[[tr:Namaz]]
[[tt:Намаз]]
[[uk:Салят]]
[[ur:نماز]]
[[uz:Namoz]]
[[xmf:ნამაზი]]
[[zh:礼拜]]
[[zh-min-nan:Lé-pài]]