Revision 69944 of "Сура Къолам" on cewiki{{Къуръанан сураташ}}
68 Сурат АЛЬ-КЪАЛАМ
Къолам
(Маккахь доьссина‚ дерриге 52 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
Дакъа 1
1. Нун . Дуй боу Аса къоламца а‚ цара /маликаша/ яздеш долчуьнца а:
2. Хьо ма вац Делан къинхетамца жинийх.
3. Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял.
4. Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккхачу гIиллакхна тIехь.
5. ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚
6. Мила ву шух питане лаьцнарг .
7. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела Иза ву дика хууш верг шен некъах тилавелларг‚ Иза ву дика хууш верг нийсачу новкъахь берш.
8. Хьо муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчаьрна.
9. Уьш лууш бара хьо кIеда хила тIаккха шаьш кIеда хила.
10. Хьо муьтIахь ма хилалахь массо /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаза волчунна‚
11. /Массо/ луьйш волчунна‚ меттанаш дIасхьа кхуьйхьуш волчунна‚
12. Дикачу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанах ваьлла волчунна‚
13. Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьнена валар шеконехь долчунна /да мила ву ца хууш/.
14. Шен хьал дара‚ кIентий а бара але /муьтIахь ма хилалахь цуна/.
15. Шена Тхан аяташ дийшича цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш".
16. Оха шен меран тIе васт дуьллур ду цуна.
17. Баккъалла а, Оха зийр уьш‚ Оха цхьаьна бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш цуьнан стоьмаш туьйдур бу Iуьйранна ‚ аьлла‚
18. "Дала мукъалахь" ца элира цара.
19. ТIаккха цуна /бешана/ го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчу ‚ уьш наб еш болуш.
20. Iуьйранна /егана/ Iаржъелла карийра иза.
21. Iуьйранга баьлча вовшашка кхийкхира цара:
22. "Шайн беша гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ аьлла.
23. Уьш болабелира меллаша вовшашка луьйш:
24. "Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш буьхуш/".
25. Iуьйранна новкъа белира уьш шайн дагахь /мисканиг/ духа тоха ницIкъ болуш.
26. Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла‚
27. ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина".
28. Царех кхечарел Iедале волчо элира: "Аса ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ аьлла?
29. Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой".
30. Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьал бийлира.
31. Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай дукха тIехдевлира".
32. Вай Кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца хийцо а тарло. Баккъалла а, вай Кхиош-кхобуш волчу вайн Далла тIедирзина ду-кх".
33. Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду уьш хууш хиллехь.
Дакъа 2
34. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна шаьш Кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю.
35. Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ мукIар болу нах къинош дечарех тера?
36. Шуна хIун хилла? Аш муха хьукам до?
37. Я шуна жайна ду‚ аш цу чохь доьшуш?
38. Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург?
39. Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш?
40. Хатта цаьрга‚ мила ву царех и чIагIдешверг.
41. Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий шаьш бакълуьйш хиллехь.
42. Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю ‚ уьш кхойкхур бу суждане царна мугар дац‚
43. БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга суждане кхойкхуш дара уьш могуш болуш .
44. Вита Со суо хIара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг царна ца хуучухула.
45. Аса хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх.
46. Я ахьа цаьрга мах боьху уьш декхарша кIелбитина болуш?
47. Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду цара дIаяздеш?
48. Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш.
49. Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаза а хилла.
50. Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарех.
51. Цатешаш берш кийча бу шайн бIаьргашца хьо хIаллак ван шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх".
52. Иза-м бац массо Iаламна хьехам бен.
== Хьажа. кхин ==
== Хьажораш ==
<noinclude>
[[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>
[[ar:سورة القلم]]
[[az:Qələm surəsi]]
[[en:Al-Qalam]]
[[fa:قلم (سوره)]]
[[hi:अल-कलम]]
[[id:Surah Al-Qalam]]
[[jv:Surat Al Qalam]]
[[kk:Әл-Қалам сүресі]]
[[ku:Qelem]]
[[ml:ഖലം]]
[[ms:Surah Al-Qalam]]
[[mzn:قلم]]
[[nl:Soera De Pen]]
[[pl:Al-Kalam]]
[[ps:سورة القلم]]
[[pt:Al-Qalam]]
[[ru:Сура Аль-Калам]]
[[sl:Pero (sura)]]
[[sv:Al-Qalam]]
[[tr:Kalem Suresi]]
[[ur:القلم]]All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?oldid=69944.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|