Revision 69947 of "Сура Дlахьаьрчинарг" on cewiki{{Къуръанан сураташ}}
{{Куцкеп:Ислам}}
73 Сурат АЛЬ-МУЗАММИЛ
ДIахьаьрчинарг
(Маккахь доьссина‚ дерриге 20 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
Дакъа 1
1. ХIай дIахьаьрчинарг !
2. ГIатта буьйсана‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIан/.
3. Цуьнан ах йите‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае.
4. Я тIетоха цуна. КъурIан деша (меллаша, хазачу) дешарца.
5. Оха дуьхьалтухур ду хьуна хала дош.
6. Баккъалла а, буьйсанан хан езза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгала ю дашца.
7. Хьуна дийнахь дехха гIуллакхаш ду /КъурIан деша мукъа ца волу хьо/.
8. Хьехае хьуо Кхиош-кхобушволчу /Делан/ цIе. /Дуьненах/ хада Цуна /Далла/ Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца.
9. Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобушверг ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал /тIетовжа гIоьнча/.
10. Собар де цара /Маккан керастанаша/ олучунна тIехь‚ вада царех хаза вадарца.
11. Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдешберш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг.
12. Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.
13. Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.
14. Оцу /къемат/ дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегар ду /ластор ду/‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу барз.
15. Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ ваийтарх терра.
16. ФирIавн Iеса хилира элчана тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу лацарца.
17. Шу муха кIелхьарадовлур ду аша керстаналла дича ша бераш къеж бийр болчу дийнах?
18. Стигал этIар ю /оцу дийнахь/. Цуьнан /Делан/ ваIда кхочуш хилла.
19. Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо ша Кхиош-кхобучуьнга некъ лоцур бу /цунах/.
Дакъа 2
20. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобушволчунна хууш ду хьо буьйсан кха декъан шина декъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шен Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха декъан цхьа дакъа заманчохь а‚ хьоьца болчарех цхьа тоба ю /иштта буьйсана гIеттина Iамал еш иза а хаьа Далла/. Дала барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цуна хиина аш иза дагар ца дой‚ Цо шун тоба къобал дина. Деша атта дерг КъурIанах. Цуна /Далла/ хиина‚ шух хир ву цомгашверг‚ кхиберш лаьттахула баьлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш /шайна рицIкъ доккхуш/‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу. Деша атта дерг цунах /КъурIанах/. ХIоттаде ламаз‚ ло закат‚ аш ле Далла хаза декхар /юха лург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ дукха йоккха ял а хилла. Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
== Хьажа. кхин ==
== Хьажораш ==
<noinclude>
[[Тоба:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>
[[ar:سورة المزمل]]
[[az:Muzzəmmil surəsi]]
[[en:Al-Muzzammil]]
[[fa:مزمل]]
[[hi:अल-मुज्जम्मिल]]
[[id:Surah Al-Muzzammil]]
[[jv:Surat Al Muzzammil]]
[[kk:Әл-Муззәммил сүресі]]
[[ku:Muzemil]]
[[ml:മുസമ്മിൽ]]
[[ms:Surah Al-Muzammil]]
[[nl:Soera De Ingehulde]]
[[ps:سورة المزمل]]
[[pt:Al-Muzzammil]]
[[ru:Сура Аль-Муззаммиль]]
[[sl:Zaviti (sura)]]
[[sq:Suretu El Muzzemmil]]
[[su:Al Muzzammil]]
[[sv:Al-Muzzammil]]
[[tr:Müzzemmil Suresi]]
[[ur:المزمل]]All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?oldid=69947.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|