Revision 74349 of "Сура Къинхетамениг" on cewiki

{{Къуръанан сураташ}}
55 Сурат АР-РАХЬМАН
Сов къинхетаме верг
(Маккахь доьссина‚ дерриге 78 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1
1.	Сов къинхетаме верг.
2.	Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ КъурIан.
3.	Цо кхоьллина адам.
4.	Цо Iамадина цуна /адамна/ хаар.
5.	Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасхьалелаш/ бу.
6.	Седа а‚ дитт а /Цуна/ сужд деш ду.
7.	Стигал  Цо иза аййина‚ Миза-терза дIахIоттина.
8.	Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь.
9.	Озар-эцар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза!
10.	Латта а дIадаржина Цо Шен Iаламна!
11.	Цуьнан /лаьттан/ тIехь стоьмаш болу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /долу/. 
12.	Буьртигаш /долу/ ча-гIад долуш  хаза хьожа йолу баццаш а.
13.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
14.	Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах  кхийра пхьегI санна (топпаран пхьегI санна).
15.	Цо кхоьллира жин кIура ца болучу /цIеначу/ цIерах.
16.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
17.	Шинан  малхбален а Дела ву Иза‚ шинан малхбузен а Дела ву.
18.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
19.	Цо паргIат битира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхетан.
20.	Царна шиннан юккъехь дуьхьало ю уьш вовшийн тIе ца кхийдан.
21.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /адам а‚ жин а/?
22.	Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а.
23.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
24.	Цуьнан ду хIоьрдачухула дIалела кеманаш лекхачу лаьмнех тера.
25.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

Дакъа 2
26.	Массо цу /лаьттан/ тIехь верг хIаллак хир ву.
27.	Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.
28.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
29.	Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчаьра. Массо дийнахь Иза гIуллакхлахь ву.
30.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
31.	ТIаьхьа мукъадер  ду Тхо шуна /гIуллакхна/‚ хIай жинаш а‚ адамаш а.
32.	Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?
33.	ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ латтан а дозанийн дехьадовла‚ довлал! Шу дер-м дац цхьаьна бакъонца бен.
34.	/ТIаккха/ шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
35.	Шуна шиннан тIе йоуьйтур ю цIеран алу /кIура боцу/‚ кIура а‚ гIо дийр дац шуна.
36.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
37.	Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла басар санна.
38.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо?
39.	Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а.
40.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
41.	Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоцур бу кIужалашца а‚ когашца а.
42.	ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
43.	ХIара ю и жоьжахати къиношдиначаьра ша харц еш хилла йолу.
44.	Цара гонаш бохур бу цуьнан а цIийдинчу хинан а юккъехула.
45.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

Дакъа 3
46.	Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчуьнна ши беш хир ю.
47.	ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
48.	Гаьннаш долуш /ю и ши ялсамани/.
49.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
50.	Цу чохь оьхуш ши шовда ду.
51.	ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
52.	Цу шина /ялсамани/ чохь хIора стоьмах ши тайпа бу.
53.	ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
54.	Уьш /дика Iамалш йинарш/ хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу.
55.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
56.	Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.
57.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо?
58.	Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш.
59.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
60.	ТIкъа диканан бекхам диканиг бен бу-й?
61.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
62.	И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю.
63.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
64.	ТIаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/.
65.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана иакарло йо аш шиммо?
66.	Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу.
67.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
68.	Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю.
69.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
70.	Царна чохь дика‚ хаза /мехкарий/ хир бу.
71.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
72.	Iаьржа бIаьргаш болуш‚ оьзда мехкарий хир бу шайн четаршкахь.
73.	ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
74.	Шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.
75.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
76.	Шаьш тIетоьвжина болуш баьццарачу гIайбанийн‚ хазаллих буьззинчу кузашна а.
77.	ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?
78.	Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.






== Хьажа. кхин ==


== Хьажораш ==

<noinclude>
[[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>

[[ar:سورة الرحمن]]
[[az:Rəhman surəsi]]
[[bg:Ар-Рахман (сура)]]
[[bs:Er-Rahman]]
[[en:Ar-Rahman]]
[[fa:الرحمن]]
[[hi:अर-रहमान]]
[[id:Surah Ar-Rahman]]
[[jv:Surat Ar Rahmaan]]
[[kk:Ар-Раһман сүресі]]
[[ku:Rehman]]
[[ml:റഹ്‌മാൻ]]
[[ms:Surah Ar-Rahman]]
[[mzn:الرحمان]]
[[nl:Soera De Erbarmer]]
[[ps:سورة الرحمن]]
[[pt:Ar-Rahman]]
[[ru:Сура Ар-Рахман]]
[[sl:Usmiljeni (sura)]]
[[sv:Ar-Rahman]]
[[tr:Rahman Suresi]]
[[ur:الرحمٰن]]