Revision 78194 of "Сура Ибрахlим" on cewiki{{Къуръанан сураташ}}
14 Сурат ИБРАХIИМ
(Маккахь доьссина‚ дерриге 52 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
Дакъа 1
1. Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах бодашкара серлонга арабахийтархьама – шайн Кхиош-кхобучун пурбанца ша веза волчуьнан‚ ша хастаме волчуьнан некъа тIе‚
2. Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. Бала бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах.
3. Ишттаниш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал сов дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тиларчохь ма бу.
4. Оха ца ваийтина цхьа а элча цуьнан нехан маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
5. Оха Муса вахийтира Тхан аяташца: "Арадаккха хьан къам бодашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайн дукхахилла/ денош"‚ аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.
6. Мусас аьллера шен къоме: "Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьарадехира шу ФирIавнан доьзалах‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош болчу‚ шун кIентий бойуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара доккха зер ду шуна".
Дакъа 2
7. Шун Кхиош-кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Аса совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аша керстаналла дича Сан Iазап чIогIа ду!"
8. Мусас элира: "Керстаналла дахь аша а‚ массо лаьттахь мел волчо а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".
9. Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царел тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – шайн куьйгаш шайн багенашка дохуьйтура цара‚ элира: "Оха керстаналла дина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аша тхо шена тIекхойкхучух".
10. Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIехьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил".
11. Церан элчанаш цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а Дала Шен лех Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил даладойла ца хилла тхан Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
12. Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхан некъашна тIе‚ оха собардийр ма ду аша тхуна йинчу халонашкахь‚ шаьш тевжаш берш Далла тIетевжийла!"
Дакъа 3
13. Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ду шу тхан лаьттара /махкара/ я шу тхан дине доьрзур ду". Церга церан Кхиош-кхобучо вехьица хаийтира: "Банне а хIаллакбийр бу Оха зуламхой‚
14. Оха шу даха ховшор ду лаьттахь царел тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша хIоттарх кхоьруш волчунна‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна".
15. Цара толам бийхира – ийшира массо вухахьара Iазапхо.
16. Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ ноткъан хих малор ду цунна.
17. Цо къурд бийр бу оцунах‚ герга вац и худа – массо меттигера цунна тIе валар догIу‚ и лан ца ло‚ цуьнан тIехьахула луьра Iазап ду.
18. Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чимах тера ю, буьрсачу дийнахь шеца мох чIагIбелла болчу. Шаьш тардинчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
19. Хьуна ца гина Дала стигланаш а‚ латта а кхоьллина хилар хьакъ-бакъ? Шена лаахь Цо шу дIа а дахийтина, керла халкъ далор ду.
20. И Далла дезза (хала хIума) дац.
21. Далла гучабовлур бу берриге /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр кура хиллачаьрга: "Тхо хилира /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуттуш. Шуна яккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду тхо синтем байна хьийзича а‚ я тхо собар деш Iийча а – тхуна кIелхьарадовлар дац".
Дакъа 4
22. ШайтIано эр ду /къематдийнахь/ гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – аса тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, аса шуьга кхайкхар бен – аша суна жоп делира. Суна бехкаш ма баха – шайна бехкаш баха. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Аса керстаналла дина аша со хьалха накъост лаьцна хиларна". Баккъалла а, зуламхошна лазош долу Iазап ду.
23. Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубоьхкина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ шаьш гуттар цу чохь лаьтташ шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду.
24. Хьуна ца гина‚ муха масал далийна Дала хазачу дашах – и хазачу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.
25. Шен даар ло цо массо хенахь шен Кхиош-кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
26. Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.
27. Дала чIагIбо иман диллинарш чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала Шена луъург до.
Дакъа 5
28. Хьуна ца гина шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинарш‚ шайн халкъ хIаллакьхиллачу цIа чу охьа ма биссий цара
29. Жоьжахатин чу – цу чохь бегар бу уьш. Ма вон чIагIо ю-кх !
30. Далла накъостий хилийтира цара – Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар цIерга ду".
31. Ахьа ала Сан иман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харж йойла /Делан новкъах/ къайлах а‚ гуш а шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/ де дале хьалха.
32. Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо доссийна стиглара хи‚ цуьнца стоьмех шуна рицкъа даьккхина Цо. Шуна муьтIахь дина Цо кема, и лелархьама хIорда чохь Цуьнан омрица‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.
33. Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ – и шиъ ца соццуш болх беш болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.
34. Массо аша шех дехначух шуна делла Цо. Делан ниIматаш аша дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам зуламе а ма ду‚ баркалла олуш а ма дац.
Дакъа 6
35. ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хилийталахь хIара мохк кхерам боцуш‚ со а‚ сан кIентий а гена бахалахь жIарашна Iибадат дарх.
36. Со Кхиош-кхобушверг‚ цара тила ма бина нахах дукхахберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – соьх ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх.
37. Тхан Кхиош-кхобург! Аса даха хаий сан зуьрет ялта доцчу боьрахь Хьан сийлахь долчу цIийнан уллохь. Тхан Кхиош-кхобург! Ламаз хIоттадойла цара‚ нехан дегнаш цергахьа шовкъ йолуш хилийталахь‚ стоьмех рицкъа лолахь царна – цара баркалла ала мегара.
38. Тхан Кхиош-кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха дIахьедориг а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.
39. Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу ! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург доIа хезаш верг ву-кх.
40. Сан Кхиош-кхобург‚ соьх хилийталахь ламаз хIоттадийриг‚ сан зуьретах а /хилийталахь дика Iамалш ерш берш/. Тхан Кхиош-кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
41. Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу дийнахь".
Дакъа 7
42. Хьуна ма мотталахь Дела гIовпал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш шена чохь бIаьргаш ирх кхетта хир болчу /къемат/ дийне.
43. Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар духадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш хIаваъ хир ду .
44. Ахьа кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ тIаккха шаьш зулам диначара эр ду: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо гергарчу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дIатилар дац, бохуш ?
45. Шу охьахевшира шайна зуламаш диначерийн гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.
46. Шайн мекарло йира цара‚ Далла гергахь ю церан мекарло‚ церан мекарло хиллехь ша лаьмнаш дIадохуьйтуш .
47. Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шен берг а ву.
48. Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.
49. Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш буржулашца /зIенашца/ бихкина.
50. Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIалоцур ю
51. Дала бекхам балархьама хIора сина ша карийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарца сиханиг ву.
52. ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдерш кхетархьама а.
== Хьажа. кхин ==
== Хьажораш ==
<noinclude>
[[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?oldid=78194.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|