Revision 78254 of "Сура Хабар" on cewiki{{Къуръанан сураташ}}
78 Сурат АН-НАБАЪ
Хабар
(Маккахь доьссина‚ дерриге 40 аят).
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
Дакъа 1
1. Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
2. Доккхачу хабарх!
3. Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.
4. ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
5. ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
6. Оха ца дина латта мотт санна /кIеда/?
7. Лаьмнаш хьостамий санна /чIогIа/?
8. Оха кхоьллина шу шиш /боьрша а‚ сте а/.
9. Оха хилийтина шун наб садаIар хилла.
10. Оха хилийтина буьйса духар хилла.
11. Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/
12. Оха хIоттина шуна тIехьахула ворхI чIогIа /стигал/‚
13. Оха бина лепаш чиркх /малх/.
14. Оха дайитина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи /догIа/.
15. Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚
16. Луьста бошмаш.
17. Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.
18. Оцу дийнахь сур локхур ю шу догIур ду тобанашца.
19. ДIаеллира стигал цунах хилира неIарш.
20. ДIадихьира лаьмнаш /царех/ дисина шаьш хилла сурт .
21. Баккъалла а, жоьжахати хилира чударна йоьгIна‚
22. /Делан дозанийх/ тIехбевлачаьрна чугIойла хилла.
23. Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь.
24. Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а
25. Лалина хи а‚ нетIкъанаш бен.
26. /Царна/ богIуш бекхам бу /иза/.
27. Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе.
28. Цара харцдира Тхан аяташ харцдарца.
29. Массо хIума дIатергалдина Оха жайнаца!
30. Iовша шайна! Сов доккхур дац Оха шуна Iазап бен.
Дакъа 2
31. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.
32. Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.
33. /Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.
34. Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.
35. Царна хозур дац цу чохь деса хабар а‚ харцдерг а.
36. Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобуш волчуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла.
37. Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь долчун а Кхиош-кхобург /ву Иза/‚ Ша сов къинхетаме верг . Цуьнгара хабар дийцаран дола дийр дац цара.
38. Оцу дийнахь хIуттур ду Са а ‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен цо эр ду бакъдерг.
39. Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Ша лууш волчо лаьцна ша Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ.
40. Баккъалла а, Оха кхерам тесина шуна гергахь долу Iазапца оцу дийнахь стаг хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано : "Декъаза ваьлла со‚ соьх хиллехьара латта! "
== Хьажа. кхин ==
== Хьажораш ==
<noinclude>
[[Category:Къуръан|{{PAGENAME}}]]
</noinclude>
[[kk:Ән-Нәбә сүресі]]All content in the above text box is licensed under the Creative Commons Attribution-ShareAlike license Version 4 and was originally sourced from https://ce.wikipedia.org/w/index.php?oldid=78254.
![]() ![]() This site is not affiliated with or endorsed in any way by the Wikimedia Foundation or any of its affiliates. In fact, we fucking despise them.
|