Revision 84823 of "Cийлахь Нохчийн Мотт" on cewiki

Хьомсара вежарий, йижарий!  
Тоьарду! Сийлахьчу Нохчийн Меттан  вай хIинццалц  дайина сий, хIораммо а, ваьшна ма луъу, цхьа дош [[Нохчий мотт|нохчийн маттахь]] - кхо дош оьрсийн маттахь олуш бийцар, вай ненан мотт вай цIена цабийцахь кхерам  бу, вешан мотт боцуш вай дисарна. 

ООН -ас, ЮНЕСКЕ-га таллам байтича - дийцаре даьккхина ду, [[Нохчий мотт|нохчийн мотт]] белла  барна, дуьненан  юкъарчу, Гиннессийн жайни  юкъахь, дукха хан ялале  карорна кхерам бу, - аьлла<ref name="Халидов">Халидов А.И. [http://anchr.ru/wp-content/uploads/2013/02/191-199%D0%A5%D0%B0%D0%BB%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2.pdf Экология языков Кавказа. Статья первая:Введение. Чеченский язык] — Вестник Академии наук Чеченской Республики, № 2(17), 2012 — C. 191—199</ref>. 

Ца лаьар-кха Нохчийн Къам, [[Къилбаседан Кавказ|Къилба-Седан Кавказера]]: - Убайхаш, Абадзехаш, Натухайцаш, Шапсугаш - ишта кхин дIа а кегий къаьмнаш санна,  дуьненчуьра  делла, лар йоцуш дIадолуьйла!!!

Кхайкхам бу, тахна-тховса дуьйна ,кхин дIа йолчу ханна,  Даймахках, цуьнан  маттах доглозчара, бийца беза вайн  вешан цIена Ненан мотт. 

== Билгалдаккхар ==
{{Билгалдаккхар}}